ОТКЛЮЧИТЬ ИЗОБРАЖЕНИЯ: ШРИФТ: A A A ФОН: Ц Ц Ц Ц

Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного

МЕНЮ
МЕНЮ

2323

Нохчийн меттан а, литературин а къоначу хьехархошна методически г1о-накъосталла дар.

Соьлжа-Г1алин Мэрин Дешаран Департаментан планаца цхьаьна йог1уш а йолуш, 2021-чу шеран апрель беттан 7-чу дийнахь №8 йолчу йуккъерчу школан нохчийн меттан а, литературин а хьехархо, г1алин школийн методически цхьаьнакхетараллин куьйгалхо йолчу Исакова Бирланта д1айаьхьира къоначу хьехархошна лерина рог1ера семинар: «Куцдашах 1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар» темина лерина.

Цо шен къамелехь дийцира, къамелан дакъош - шаьш гойтуш долу йукъара маь1на а, грамматически билгалонаш а цхьаьнайог1уш хиларца дешнаш декъарехь къастош долу тайпа хилар. Дукхахдолу къамелан дакъош дуьненарчу меттанашкахь цхьанадог1уш ду, амма цхьадолу меттанашкахь къамелан дакъош шайн башхалла йолуш а хуьлу.

Йаздархочо Паустовский Константина нийса яздина ненан маттах лаьцна дешнаш: « Х1ора стеган, шен маттаца йолчу йукъаметтиге хьаьжжина, цуьнан культурин барам къастийна ца 1аш, цуьнан граждански мехалла а кхоччуш нийса къасто мегар ду. Шен махке болу бакъ безам, шен матте бацахь, маь1на долуш бац. Мотт вай 1ама а бо, дахаран т1аьххьара денош т1екхаччалц саццаза 1амо декхар а ду…»

Семинаран болх дешархочун ойла, синкхетам т1еберзорца, керлачу технологех пайдаэцарца нохчийн меттан а, литературин а урок д1аяхьа 1амор ч1ог1а мехала г1уллакх хийтира къоначу хьехархошна. Шайн корматалла кхиорехь лехамехь бу вайн къона хьехархой, цунах самукъадолуш д1айаьхьира таханлера практически семинар.

Семинарехь дакъалецира 25 хьехархочо.

Нормативные документы

МЫ В СОЦ. СЕТЯХ

© 2024 Официальный сайт Департамент образования Мэрии города Грозного
Яндекс.Метрика
Все права защищены законодательством РФ