ОТКЛЮЧИТЬ ИЗОБРАЖЕНИЯ: ШРИФТ: A A A ФОН: Ц Ц Ц Ц

Официальный сайт
Департамент образования Мэрии города Грозного

МЕНЮ
МЕНЮ

4036

НОХЧИЙН МЕТТАН ЛЕРИНА ЦХЬАЬНАКХЕТАР ДlАДАЬХЬИРА СОЬЛЖА-ГlАЛИН ЛОЬМАР 24 ЙОЛЧУ ИШКОЛЕХЬ.

Вайн Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана шен омрица 2023 шо «Нохчийн меттан шо» аьлла билгалдаьккхина дара. Соьлжа-ГIалин муниципальни дешаран системехь къаьсттина болх бина дIадаханчу шарахь мотт Iалашбарехь а, кхиорехь. И болх кхин дIа а дIахьош, лоьмар 24 йолчу ишколехь дlадаьхьира «Нохчийн мотт - сан дозалла» цIе йолу цхьаьнакхетар.

Мероприятин коьрта хьеший бара Соьлжа-Гlалин дешаран Департаментан куьйгалхочун заместитель волу Хизриев Мохьмад, иштта Департаментан белхалой а.

Ишколан хьехархоша лаккхарчу тlегlан тlехь кечам бинера цу гlуллакхна: нохчийн пеш, истангаш, говр-ворда, нохчийн даарш а кечдина. Иза дерриге а вовшахтоьхнера дlайаханчу хенахь хиллачу нохчийн дахаран сурт хlоттош, цу хена хилла lер-дахар гойтуш.

Дешархоша жигара дакъалецира оцу цхьаьнакхетарехь. Цара йийшира нохчийн меттан гIарабевллачу классикийн ненан маттах лаьцна поэзи, тайп-тайпанчу эшаршца хаийтира шайна нохчийн мотт хьоме хилар, гайтира театральни говзалла гIиллакх-оьздангаллех лаьцна постановкица.

Хьешаша билгалдаьккхира, и тайпа нохчийн меттан лерина цхьаьнакхетарш тIекхуьучу чкъоран чlогlа мехала хилар.

#нохчийнмотт #нохчийнметтаншо #къоманседарчий #МовлинЗелимха #СоьлжаГlалиндешаранДепартамент

Нормативные документы

МЫ В СОЦ. СЕТЯХ

© 2024 Официальный сайт Департамент образования Мэрии города Грозного
Яндекс.Метрика
Все права защищены законодательством РФ